ХIай ийман диллинарш! Мушрикунаш нажс (боьха хIума) ю‚ хIокху шарал тIаьхьа Деза маьждигна герга ма гIойла уьш. Шу кхерахь мискаллах (мушрикунаш ца баьхкича йохка-эцар сецна), – тIаьхьа Дала хьоле дийр ду шу Шен комаьршаллах1, Шена лаахь. Баккъалла а, Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.