Баккъалла а, ийман а диллина, дIакхелхинарш а (динан дуьхьа пайхамарца Маккара Мединате дIабаханарш)‚ шайн бахамца а‚ синошца а Делан новкъахь къахьегнарш а‚ шаьш уьш тIелаьцнарш1а‚ гIо динарш а – уьш вовшийн верасаш (доттагIий‚ гIоьнчий) бу. Ийман а диллина, дIа ца кхелхинарш – цхьанна хIуманца цаьрца гергарло дац шун, уьш дIакхалххалц. Динан хьокъехь цара шуьга гIо дехахь‚ – шуна тIехь (царна) гIо дар ду, шуна а, шайна а юккъехь барт болчу къомана дуьхьал дацахь. И Дела аш дийриг гуш ма ву.