ХIай ийман диллинарш! Шух цхьанна, валар тIе а деана, весет деш, шуна юккъехь тешалла дан деза шух1Iедале волчу шиммо‚ я шух воцчу2кхечу шиммо‚ нагахь санна шу новкъахь долуш, шу 1ожаллин балано схьалаьцнехь3. Уьш шиъ сацор ву /малхбузен/ ламаз динчул тIаьхьа‚ тIаккха цу шиммо Делаца дуй буур бу, шу шеко еш делахь4: «Цуьнца мах ца оьцу оха, и /шена оха тешалла деш верг / гергара велахь а. Оха хьул ца до Делан тешалла‚ и динехь – тхо хир ма ду къинош дечарах"‚ аьлла.